Решаем вместе
Не убран снег, яма на дороге, не горит фонарь? Столкнулись с проблемой — сообщите о ней!

День Чеченского языка

Ассаламу Iалайкум! Лараме Мехк-Да Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Хьомсара махкахой! Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! ХӀара де билгалдаккхаран хьокъехь долчу Указана буха куьг йаздина 2007-чу шеран хIутосург беттан 11-чу дийнахь Нохчийн Республикин Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана. Тахана Нохчийчоьнан массо а маьIIехь буьйцуш нохчийн мотт хеза вайна, нохчийн къоман духаршца кечбелла къонахий а, мехкарий а го вайна. Мел доккха ниIмат ду хIара.

Нохчаллехь вай чIагIдеш долу хIара ниIмат, Делан пурбанца, вайна делла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а (ДАЛА гIазот къобал дойла цуьнан), цуьнан кIанта Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Ахьмад-Хьаьжин Рамзана а. Вайна ма хаара, дӀадахана 2023-гӀа шо Нохчийн Республикин Мехк-Дас Нохчийн меттан шо аьлла дӀакхайкхийна дара. Нохчийн мотт баржоран а, тӀекхуьучу кегийрхошна йукъахь Даймахке безам кхолларан а, вайн историн хиламаш бовзийтаран а Ӏалашонца республикин массо а маьӀӀехь 2 эзар сов г1уллакхаш дӀадаьхьна оцу шарахь. Нохчийн матто Iаламат доккха маьIна леладо вайн халкъ ийманехь, оьзда, гIиллакхе кхиорехь, Даймахке безам кхолларехь.

Вайн ненан мотт бийцарца чIагIлуш ю вайгахь нохчаллин сийлахь мехаллаш. Ткъа иза бийца тахана санна маьрша хилла дац цкъа а нохчийн халкъ. Нохчийн мотт бийца, кхио тахана йолчу хIокху маршонах пайдаэца Везачу АЛЛАХIA хьекъал, кхетам лойла вайна. ДАЛА тIаьхье беркате йойла вайн!

Комментирование и размещение ссылок запрещено.